Байташ.
|
|
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:31 | Сообщение # 1 |
Группа: Удаленные
| Нохчийн маттахь байташ
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:35 | Сообщение # 2 |
Группа: Удаленные
| Ма хаза дош ду хьо «Нана» Ма мерха чам бу хьо «Нана» Доьххьара долу дош багара, Даккхий деш олу вай даггара, Шийла чохь йовхо ю Нана, 1аьржа чохь серло ю Нана, Мел дукха адам ду хаза, Массарел Нана ю хаза. Хьан б1арги серло ду Нана, Хьан даг т1аьх зезаг ду Нана. Берралехь хьоьстуш хьо лелаво, Жималлехь 1амош хьо кхиаво. Мерзачу набарах юьлуш Хийла вай ага цо техкадо, Мацала суьйренга юьлуш Хьоранне г1уллакх цо чехка до. Массери лай ю хьо Нана, Массарел г1ийла ю Нана. Собарца лелаво х1усиум-да, Г1иллакхца 1алашво хьаша-да Къоьжа чоьш гуч дицла доьлча, Шен дег1е ла дег1а йоьлча, Къинтера ца ялахь Нана, Дог дохийл ма яц вай кхана. Хьан х1усум шел яла йоьлча, Даг т1ера зезаг охь доьжчи, Хьан б1арги сирла нур кхоьларду «Нана»! Хьай дагахь ахь дохур ду. Схьа делча х1ар дуьне сайна Д1а дала кийча ву хьанна а, Цкъа доьхьал вирзина Нанна, Ала и хаза дош,-«Нана»!
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:35 | Сообщение # 3 |
Группа: Удаленные
| Массо а суьранна, Тхан беша долий, Хьозано юх-юха Локху цхьа йиш... Карара сайн къолам Охьа а буьлли, Ладуг1у ас, хуттуш Б1аьргаш чу хиш. Ц1а а цу эшаран Дош а ца кхетам, Мел ч1ог1а ойла йеш, Ладег1арх ас. Амма цхьа ша тайпа Гергара хета Сан дагна, ца к1ордош Цу иллин аз. -Алахьа, х1ай хьоза, Юх-юха боху Хьан хьоме и илли Х1ун илли ду? Хьан даим и лекха Дог хунда дог1у, Суна а и хунда Ца к1орда до? Хьозано, ладоьг1на, Элира доцца: - Сийлахьчу Даймахках И илли ду Даймехкан иллига Шен безам боцург Ша винчу махкаца З1е йоцуш ву.
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:36 | Сообщение # 4 |
Группа: Удаленные
| Эрна дац сан яхар.. Баьццарчу бацалахь Ц1ен зезаг хьаьстинехь, Шийлачу шовданан 1аббалца къурд бинехь, Дог доьхна вог1ачун Дог эца со кхиънехь, Эрна дац яхар сан Хьомечу кху лаьттахь... Доцучохь 1индаг1на Синтар ас доьг1нехь, Мохь тоьхчохь орцанна Г1оьнна сихъеллехь, Ямартло орамехь Хадо ницкъ кхаьчнехь, Эрна дац яхар сан Хьомечу кху лаьттахь... Лекхачу ламанийн Собарах хьаьгнехь, Доьдучу олхазаран Парг1ато езнехь, Ехачохь, евзачохь Марзонан х1у теснехь, Эрна дац яхар сан Хьомечу кху лаьттахь... Б1аьстенан 1уьйренах Б1аьрг тоха кхиънехь, Чам хиъна безаман Дог деладеллехь, Халкъана, Даймахкан Дог догуш яг1ахь, Эрна дац яхар сан Хьомечу кху лаьттахь...
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:37 | Сообщение # 5 |
Группа: Удаленные
| Собаре б1аьргаш. Дилхинчу дагна ма хаьа хьал доьлхучу деган. Цкъа сан а ойланаш г1айг1анан мукъамех хегна... Дог1анна язъелла стигал ю йочане, г1ийла, Юьртан а юкъара во1 велла да санна, тийна. Ткъа дега хьовсийша. Парг1ат го ден шийла б1аьргаш. Йо гора куралла! Ден б1аьргех б1аьрхиш ца кхаьрда. Ткъа стигал-м тезетан б1аьрхишца йоллу т1еелха. Вон ма ду т1едеънарг - к1ант велла дуьненан мехха! Мух-мухха бохам бац шел хьалха доьзалхо кхалхар! Лан къаьхьа вон ду и, стаг собарх, г1иллакхах воххал. Вай-м дезаш кхииний, лардиний наноша, дайша... Сан даго узам би, тезетахь да тийна вайча. Макхъелла и стигал мел марсаяьлла т1еелхарх, Собаре хиллачу сан дех а, вайн ворхх1е дех а Илланчас даьккхина илли а алаза диснехь, И дисна нохчаша г1иллакхаш аьгначу ирзехь...
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:38 | Сообщение # 6 |
Группа: Удаленные
| Апти Бисултанов. Шовданна 1индаг1 дан ножан дитт оьшу, Кошанна упха ян ножан дитт оьшу, Доллучу дуьненна дашо малх оьшу, Цхьа адам ирсе дан кхин адам оьшу.. К1орга ду боху ахь Нохчийчохь 1аьмнаш, Лекха ду боху ахь Нохчийчохь лаьмнаш, Мерза ду боху ахь лулахойн кхаьънаш, Шорта бу боху ахь хьо йовза хьаьгнарш. Б1аьргашца са к1амдар дац хьуна хьастар, Амалшца садаар дац хьуна хьастар, Делахь а бу хьуна илланчин хастам, Ца хилча ца далахь хилийта къастар.. Да воцчу к1ентан а дог лозу хьуна, Стаг воцчу стеган а дог лозу хьуна, Амма кху дахарехь ца нисло хьуна Т1екхаьчча адамо ловр доцуш х1ума.. Стогалла амалшна ца хуьлу говза, Мел ч1ог1а хьаьгнехь а деза дог довза, Цундела воьду со, 1одика йойла, Декъала хуьлда-кха къастаран ойла.. Цхьаъ бен дац стиглахь Ча Такхийна Тача, Цхьа а вац ницкъ кхаьчнарг цунна т1е кхача, Даггара боху ас, сатийсам кхачош: Декъаза хуьлда-кх со, хьо бен ирс дацахь...
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:43 | Сообщение # 7 |
Группа: Удаленные
| Ас къиза дош яздахь, делхий ма даржалахь шекъа, Ас довха дош яздахь, кехат, ма дагалахь хьо, Х1ай б1аьрхиш, яккхалаш адаман даг чуьра мекха, К1удална сагатдеш кхойтта шо даьккхина шовда, Ахьа а де суна сан даг чохь декарца г1о. Хьуо, мала стаг воцуш, эрна духдийлинчу хенахь, Шийлачу буьйсана меца борз уьг1ича генахь, И хьенан г1ийлачу велхарах тарлора хьуна? Ткъа хьаннаш х1аллакйо мох стенах тарлора хьуна? Ладог1ал цкъа соьга, х1ай хьаьдда йоьду хьо зама, Хьо цкъа а ца сецна бохучух-м со тешаш яций, Хьо сецна цкъа мацах, 1адийна йоьлхучу нанас, Ткъа йолаелла хьо маьхьаран шийла лар лаьцна. Хьайн некъах тилъелча, и мохь хьайн некъ бу а моьттуш, Хьо йоьду лар лаьцна шийлачу маьхьаран ненан, Хьо гена йоьдуш ю, ткъа мохь а кхаьчна-кха гена, Дуьнен чу ер йолчу суна а лерсих а кхетта. Ахь хьенан дог делон денйора бошмаш, х1ай б1аьсте? Кхойттаза еъна хьо, стаг воцуш хазалла хьаста, Ахь чу са кхоьллинчу бешара стом лаьттах кхетча, Шийла мохь болура да1 хилла 1уьллучу лаьтте. Ас къиза яздинехь, делхий ма даржалахь, шекъа, Ас довха яздинехь, кехат, ма дагалахь хьо, Мел лайнарг лараде, диц ца деш, адаман хьекъал, Ахьа а делахь дог, хьекъална ца талха г1о. Хеда Батаева
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:45 | Сообщение # 8 |
Группа: Удаленные
| Адамо адамна кхоьллина харцо Пен ма бац, нуьцкъала теттина, харцон, Чхар а бац, карчийна, нацкъара баккха, Лаьхьа а бац иза 1уьргара баккха. Адамо адамна кхоьллина харцо Нис ца ло, кхоьллинчун олалла харцорх. Лайначо лахьти чу д1ахьо и шеца, Каш хуьлу кхелхинчун лазаман ц1ен ц1а...
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:46 | Сообщение # 9 |
Группа: Удаленные
| дуьнен чохь хьо бен яц сан дагна езнарг, дуьнен чохь хьо бен яц сан сина эшнарг. хьол хаза,хьол оьзда цхьа а ца хета, геннара гича хьо дагчу малх кхета... со муха вехар ву хьоьха д1акъаьстахь? хьо йоцург цхьа а яц дош аьлла хьаста. хьуна ас кхиийна зезагийн аре. хьомениг, ма г1олахь кхечуьнга маре... юьгур ю лаьмнаша лакхенаш гайта, беттан нур 1еначу хьоьца некъ байта седарчий кховдар ду стиглара даьхна, поэтийн долахь ду хийламмо баьхна... дахарехь хьо бен яц сан дагна езнарг дахарех хьо бен яц сан сина эшнарг дуьнен чохь хьан меха цхьа а ца хета, буьйсанна гича а дагчу малх кхета.
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:47 | Сообщение # 10 |
Группа: Удаленные
| Шовда Ламанан некъахь Схьадеттара шовда, Хьогучу адаме Шех байта къурд. Эххар чухаьрцира, И юкъе 1овдуш, Го бина и лакъош, Мокхазан берд.... Хетара: шовданехь Хир а дац г1ора Харцабан, эшабан Цу бердан ницкъ. Бердан юкъ хадийна, Ца хуттуш гора, Бякхира шовдано Тулг1ешна некъ. Олхазарш, дийнаташ Ша туьгуш 1аба, Муьлуш го юха а Шовданан хи. Шийлачу шовданах Юзуйтуш кхаба, Ламанан йо1 а го... Лекъар дац кхин! Ахьмад Сулейманов
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:48 | Сообщение # 11 |
Группа: Удаленные
| Вай вовшех ца кхеташ яйинчу ханна, Бехк боцчу адамийн бехк бина дехаш, Ахь курс еш, ас курс еш, зезагех санна, Лехьор ду вай эладитанаш нехан. Уьш гулдеш, кхийдор ду вай вовшийн кара, Кхоьхьур ду безаман х1олламна хьалха, Ца хууш, бехдойла вай вовшийн гар а, Ца хууш, бехбойла вай вешан малх а. Ца хууш, бехкаца нисъян йиш йоций Адамо ша шена кхоьллина харцо, Ца хууш, толамхо къасталуш воций Цкъа шимма йоьттина г1ала т1ехарцахь. Хьан мохь а, сан мохь а, цхьа лазам хилла, Хьийзар бу, 1аьржачу хьарг1анан вастехь, Цхьанна а девзар дац бекхаман х1илла, Цхьанна а хуур дац лозу дог хьаста. Ткъа хир ду харц хабарш, зезагаш санна, Вай к1адлахь, т1аккха а кхечара лехьош, Ткъа хир ю вай ваьшша яйина хан а, Бала мел боцучо даггара хьехош. Ткъа хир ду юха а вовшех ца кхетар, Юха а кхетамо кхоьллина безам. Юха а курачу б1аьргаш чохь - вета, Лакхара, лахара вовшашка хьежар...
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:49 | Сообщение # 12 |
Группа: Удаленные
| Дикачу стеган ц1е. Дикачу стеган ц1е Цкъа а ца йов, Дикачу адамехь Безам ца бов, Ткъа вониг ц1е езаш Мила ву, тов? Цундела харцонна Ма ийба дов, Вониг дош ма ала Еш цхьанна чов, Дикачу стеган ц1е Цкъа а ца йов, Велча а йоккхуьйтуш Диканиг ц1е Т1аьхьешна лерехь Декийта зов. Дикачу стеган ц1е Цкъа а ца йов, И лаьттах воьлча а, Шех хуьлуш ц1ов, Дикачу адамехь Безам ца бов
|
|
| |
ЗагадКа | Дата: Воскресенье, 28.02.10, 11:52 | Сообщение # 13 |
Группа: Удаленные
| Хьан дагна гIенах гахь акхтаргийн заза, ЙогIучу бIаьстенна со вицлур вац. Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза, Бекхна дIахIуттур бу ламанан арц. Дийцахьа суна хьайн гуьйренан гIенаш, Мел лууш вацахь а уьш тида со: Мажделла гIаш оьгуш, дассалуш генаш, Суна вайн къастаран бIарлагIа го. Хьайн Iаьнан гIенашца сан кораш кхала Хьо йола ма-елли, ас ойла йо: Ахь ша тIехь йина-те сан ирсан гIала, Я суна сайн дахар лайн басахь го?
|
|
| |